Вер-витар

на главную

Жанры

Поделиться:
Шрифт:

(Хьалха лелларш)

Суьйренашца шовданийн кортошка (мехкарша хиш оьцучу меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха йарташкара нах. Берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртахь. Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш.

Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а. Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш.

Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хаттала. ХIетта догIа а тийна, къегина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча йеанарг. ТIаккха, шаьлта баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг. Вукхарех цхьаммо схьаластийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй цу доьжначу куьйгана тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна, охьавиллинера шен ваша вийнарг.

– ЭхI!.. Иштта-м хир дац! – аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьллуш, хьалаайвелира Аласха.

– Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа! – аьллера Ирсхана, чоин йух лаьцна, Аласха охьа а озош.

– ЭхI!.. Ваьгна а хилла, – аьлла, шен метта охьахиънера Аласха.

Йукъабоьллачу наха дов а сацийнера, кхин дехьа ца долуьйтуш, машар а бинера, Аласханан йоI Ирсханан висинчу кIантана а йалош. Йукъахь хьагI-бода ца хилийта. Гергарло чIагIдалийта.

«Ишта-ишта, машар а хили, хьо дIайига а баьхкина ворданца», – аьллера йоIе. Божал чохь хиллера йоI хIетахь, кхо доккхуш.

Меллаша баьхьа дIа а хIоттийна, ворданехьа йолайелира йоI. Ша ма-хиллара. Кхоша буьзначу берзинчу когашца.

– Собарде, ши ког а цIанбе, тIе хIума а йуха, маре йоьдуш йу хьо, – аьллера гонахболчара.

– Э-э-э, и аш дуьйцу маре дац хIара, – аьлла, вордан тIе йаьллера йоI.

Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттина лаьмнашца йолчу меттигашкахь. Йалх, бархI сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахакахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах.

Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса. Хьан вийна а ца хууш. Хьуьнан йуккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера. Берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха йуьхь тIе шаьлта йиттинера. Шина агIор йохуш. Йуьхьан амат дитина а дацара.

Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.

Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара:

– хIара сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта хIара. Маьждигера барам а ба.

Орца деанера эвлара. СебаргIарна гена воццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а йуккъехь. Цо аьллера, Сайде а хьаьжна:

– Ма йоккха эрчалла йу хIара. ХIара болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма йац, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра. Йа сийсара а, йа тахана а цIахула гуш а дац.

Конец ознакомительного фрагмента.

Книги из серии:

Без серии

[5.0 рейтинг книги]
[5.0 рейтинг книги]
Комментарии:
Популярные книги

Идеальный мир для Лекаря 7

Сапфир Олег
7. Лекарь
Фантастика:
юмористическая фантастика
попаданцы
аниме
5.00
рейтинг книги
Идеальный мир для Лекаря 7

На границе империй. Том 9. Часть 2

INDIGO
15. Фортуна дама переменчивая
Фантастика:
космическая фантастика
попаданцы
5.00
рейтинг книги
На границе империй. Том 9. Часть 2

Потрясатель вселенной

Прозоров Александр Дмитриевич
14. Ведун
Фантастика:
фэнтези
8.48
рейтинг книги
Потрясатель вселенной

Триптих

Фриш Макс
Поэзия:
драматургия
5.00
рейтинг книги
Триптих

Наследие Маозари

Панежин Евгений
1. Наследие Маозари
Фантастика:
рпг
попаданцы
аниме
5.80
рейтинг книги
Наследие Маозари

Хозяин Хаоса I

Петров Максим Николаевич
1. Хозяин Хаоса
Фантастика:
аниме
фэнтези
фантастика: прочее
попаданцы
5.00
рейтинг книги
Хозяин Хаоса I

Первый среди равных. Книга VII

Бор Жорж
7. Первый среди Равных
Фантастика:
попаданцы
аниме
фэнтези
фантастика: прочее
5.00
рейтинг книги
Первый среди равных. Книга VII

Тринадцатый

Северский Андрей
Фантастика:
фэнтези
рпг
7.12
рейтинг книги
Тринадцатый

Ружемант

Лисицин Евгений
1. Ружемант
Фантастика:
попаданцы
рпг
аниме
5.00
рейтинг книги
Ружемант

Призыватель нулевого ранга. Том 2

Дубов Дмитрий
2. Эпоха Гардара
Фантастика:
попаданцы
аниме
фэнтези
5.00
рейтинг книги
Призыватель нулевого ранга. Том 2

Адвокат империи

Карелин Сергей Витальевич
1. Адвокат империи
Фантастика:
городское фэнтези
попаданцы
фэнтези
5.75
рейтинг книги
Адвокат империи

Пустоши

Сай Ярослав
1. Медорфенов
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
5.00
рейтинг книги
Пустоши

Локки 7. Потомок бога

Решетов Евгений Валерьевич
7. Локки
Фантастика:
аниме
эпическая фантастика
фэнтези
5.00
рейтинг книги
Локки 7. Потомок бога

Виконт. Книга 4. Колонист

Юллем Евгений
Псевдоним `Испанец`
Фантастика:
фэнтези
попаданцы
аниме
7.50
рейтинг книги
Виконт. Книга 4. Колонист